24 Вели со шун кетlахула тlех

Хьан ураман буьйса гиначу суна — бутт а гира хьуна кхетта сирла.
Хьан ураман седа гиначу суна — хьо а гира цул а нуьре хилла.

Йурт йу ирсе йекхайелла lуьллуш,
Чиркхаш богу хlора хlусамехь.
Хьан сурт даг чу даиманна дуьллуш,
Вели со шун кетlахула тlех.


Рецензии