23 Делахь а
Ларам бевзинера суна — хьоьга болчу ларамца;
Безам а бевзира — хьоьга бахана хиллачу безамца;
Мерза сатийсам муха хуьлу а хиира — хьоьга болчу сатийсамца;
Сема буьйсанаш а йевзира — хьо дагахь уьш йахарца.
Цу тайпана дуккха а бу-кх и хьегамаш, сатийсамаш…
Делахь а, оцу дерригенах а, сица а дагца а дlакъаста, и дерриге а сайх дlакъастон а ца хии-кх суна. …Йа хуург хиларна догдохийла а ца карий суна, айса кху коьртехь кегочу декъазчу ойланийн могlаршкахь…
Свидетельство о публикации №123021000592