22 Эхьо йоккхуш шена дола
гена йуьйлуш, хьоьжуш раз,
ца буьтуш сан безам тола,
йа ца вуьтуш хьайга хьажа,
стенга йоьду сиха хьаьдда,
йуьхь-бос баттах багабеш,
со витина синмерз хаьдда,
безамах дог дагадеш?
Делахь, ирс а хьийги аса
мlаьрго лаьцна хьоьца цкъа.
Хьо хьаьддехь а чехка, маса,
тоъал кхии сайна ган.
Лакха тlоме гирий хьуна,
йоьлхуш, lаьнна йоьдуш дlа?
Стелахаьштиг уллохь суна,
эккхаш даьттlа даха ша.
Хьо дlайахча дегабаам
бина, лакхе кхоьлира,
боьхна байча и сан лаам,
стигал йелха йуьйлира.
Дог а тедеш айса-сайга
висира со лебан мотт,
хьан хlун ойла хили, хьайга
кхаьчча стигал йелхахlоттар?
Свидетельство о публикации №123021000582