Меттан сий айъа

Вайн халкъе кхайкхам беш, маттах дог лезна,
Паччахьо къам йахье даккхар дац эрна.
Ийманан беркат ду заздаккха деъна,
Вайн меттан х1ора дош толийта, хьекъна.

Декхар ду х1оранан кхайкхам т1еэцна,
Нохчийн мотт 1алашбан, ца буьтуш тесна.
Мотт ларбан кхачаме г1ирс бу вайн онда,
Меттан дай ваьш хила, и бийца оьзда.

Дуьнен чохь, лар йоцуш, хийла къам дайна.
Цу къаьмнийн йозанаш, мотт доьза байна.
Нохчийн ницкъ кхочур бу меттан сий айъа,
И ларбан, и бийца, цхьа дош ца дайъа.

Азман Джабраилова


Рецензии