21 Доlа

Йа Аллахl, ма лохьа кхечуьнан йишйоьхна гар,
Кийча ву сайн дегlехь муьлхха а хало, со, лан.
Дегl доруш чевнаш а ловр йара сайна тlехь хилча,
Ма лохьа Йа Аллахl, суна гар бусалба холчохь.

Деэшна висначун, Йа Аллахl, детоладехьа,
Мецаниг вузавеш, гlоране хlоттавеш ира.
Жоп лохьа Ахь суна, къобалдеш ас Хьайга дехар,
Баланаш хударца ца вуьтуш со хьекъалх тила.


Рецензии