19 Эмгаралла

— Дlадерза хьо. Йахьийтина-кх.

— Цо хаза дешнаш даийта олу. Цундела дахьийтинера ас уьш.

— «Цундела дахьийтинера ас уьш» — тlаьхьара а олуш, — Ахь дика ца дахьийтина-кх. Ахь дахьийта деза, тlаккха, «даийта» аьлча? Ца деза… Хьайн дадал хьан — бохуш, йолчу тlе хаза а луш оьгlаз эхара йоl.

— Дависа цуьнан. Хиина делара хьуна луур доцийла. Дахьийтина-м хир дацара.

— Хlинца дlадаха ала.

— Муха аьлча бlегlийла хир дара-те? Новкъа догlур дац?

— Даийтахь.

— Ас статусе хlиттийча а гур дацара и дешнаш нахана? …Йа ахь хlиттийча а?..

— Ахь хlунда хlиттош ду уьш?… Ас дlалечкъор дара уьш. «Бехк ма биллалахь. Уьш дlадахахьа» эр ду-кх.

Эмгаралла’ — «ревность»


Рецензии