51 Тхан кхалхар ийманехь дехьа!
Минот а ца ло ахь т1екхаьчча хан.
Цlеххьана дегlера мерза са доккхий,
Вуьгу ахь lаьржачу лахьти чохь lан.
Тхан кхалхар ийманехь делахь Ахь Дела,
Хьо воцург цхьа а вац декъала дан.
Тхо муха хlуьтту-те дуьненна дела,
Лийр дуйла хуъушехь — коша чохь lан?
Ца вуьсу дуьненахь жима ву аьлла,
Саоьцу Мулкулмовт хlоьттича тlе.
Ши бlаьрг тlекъевлича дахар дlадаьлла,
Гур доцуш цул т1аьхьа кхин маьлхан де.
Свидетельство о публикации №123021005047