18 Цхьа минот йогlур йу!
Хьежарх а ца къаьста, хила а тарло и бала.
Кханенан, ламенан дог-ойла йевзар йу хьанна,
Массо а кханенна вайн цlераш йеттарах денна?
Цхьа минот йогlур йу дахарна шен тlадам билла,
Дlавало хьайн цlа чу аларца со каш чу вилла.
Цул тlаьхьа хедар ду..,
дерриг а хедар ду, тlаккха.
Массех стаг хlуттур ву, белашца суна каш даккха.
Хено дlахьулбина баьццарчу духарца барз а,
Хан-зама керчина, ширделча доьгlна сан чурт а,
Мацах цкъа дуьненчохь хилла ву хlара стаг ала,
Мила ву гlайгlане сан каш тlе хlуттунверг кхана?
Свидетельство о публикации №123021000504