50 Деле дехар
Хастам беш, Аллахlе доlанна ийина куьйгаш...
Къинхетам бехьа ахь сан къомах йа везан Дела,
Хьан гlийла лайш ду тхо дехарца Хьуна гуор эгаш.
Хьо бен кхин цхьа а вац оха тхайн мохь-орца ала,
Хьо цхьаъ ву ницкъ болуш ийманехь совдаха дегнаш.
Доьху Хьоь тхан дахар ирсе деш дехьа Ахь къага,
Ца дуьтуш дуьненахь декъаза, диканах хьегна!
Эхарта дирзича Элчанца (с.а.в) цхьаьна тхо тоха,
Декъала хиллачийн могlарехь тхо гlовттадехьа.
Даггара доьху Хьоь доlина тхуна жоп лохьа,
Хьекъал а - диканиг дуьненахь эхартахь деха.
Свидетельство о публикации №123021005023