49 Мел хала хиллера

Бералла левзина со кхиъна эвла
lиэвалац, хьуна со ваьлла сов гена.
Лар лоьхуш кхирстина гlелйелла ойла,
Вог1у со махка цlа йахйелла хенаш.

Мел хала хиллера — гlайгlа йазйелла,
Цlа дитна геналлехь бlарзвелла лела.
Вехар вац генара зурма хазйелла,
Суо вина йурт йу сан, уьйраш а вела.

Йиш-ваша, дай бохкуш кешнаш а тесна,
Кlеззигчу ханна а валалац гена!
Дог а сан кийрара махкана лезна,
Сурт хlуьтту лаьмнашкахь шовданаш 1енаш!..

Даймехкан сийна тхов — стигал хьо маьрша,
Доккха са хоьцур ду хьоьга бlаьрг кхарстош,
Хьакъ ма-дду, даггара хьоьха дош аьлча,
Паргlата вер ву со, Даймохк, хьо хастош!


Рецензии