48 Бералла

Шераша шеца
Йахьарх гена,
Йиц ца ло хьо
Жима хан.
Ойла акха,
Хьаьдда лела,
Ду хьо туьйра,
Мерза гlан.

Урам-новкъахь
Хьаьвдда лелаш
Кегайора
Оха чан.
Сиха даха
Тхан и денош,
Деш тхо хlинца
Г1еххьа къан.

Хlетахьлера
Нийсархой а,
Хlинца баккхий
Хилла lа.
Хийла, зуда
Йалон тойш а,
Кхии гонехь
Хlитта дан.

Доттагlий а,
Доьзалш кхиъна,
Дlатарбелла
Беха, сан.
Хlораммо а
Дуьне диъна,
Хlора кхиъна
Довза, ган!

2015ш


Рецензии