47 Вахча со дlа
Хан текхна вахча со дlа,
Лаьттинарш сан дагах ийна,
Ца оьшу гатдан аш са.
Кхалханза ца волу цхьа а,
Висна верг ваха а веза.
Хала ду сагатдеш lан а
Ца ваьлла дуьненна къежаш...
Гой шуна сиха йу зама?
Денош а мел сиха доьлху...
Нагахь со дlаэцахь Дала,
Ца оьшу лела а доьлхуш.
Суна шу дерриш а дезна,
Къинтlера довлар а доьху,
Шун вуонна сан дог а лезна,
Ца хилла дог lаьржа боьха.
Нагахь со шайха дlакъастахь,
Гечдар аш дехалаш Деле!
Хилахь сан Нана а хьаста,
Дог оьцуш йаккха и хене!
2015ш
Свидетельство о публикации №123021004975