46 Сий долу, сан Нохчийчоь!
Эшаршца хьо йуьйцуш соь.
Кхин мохк хир бац хьол а мерза
Сан хьомсара Нохчийчоь!
Маьлхан зlаьнарш лепаш сирла
Терго йеш со хьежна хьоь
Вехар вац хьан некъах тилла,
Сий долу сан Нохчийчоь.
Бlаьста арахь гlа-буц техкаш
Самукъане хьаьжна хьоь
Тlех хьо йезаш кийра кхехкаш,
Вехаш ву со, Нохчийчоь.
Мичахь хlун мохк хир бу хаза,
Хьоьл исбаьхьа ала соь?
Цхьа а меттиг йац сан харжа,
Хьо йоцург, сан Нохчийчоь!
2015ш.
Свидетельство о публикации №123021004956