17 Лаам белла тезет дац и

Сацам байна, хьере хилла гамо каде хьийза,
Кадам лайна, меле дилла хlума дац сан цlийза.
Лаам белла тезет дац и, соьга кхечнарг тахна,
Тоам хилла хьох бlаьрг тоьхна ца лов цlехьа вахнарг.

Дахар дац и, кхоллам бац и ойла къиза хьаьшнарг,
Вахар дац и, толам бац и, гамо йу сан лезнарг.
Хьан бlаьрг хьежа ца лаара, хьоьга йа кхин бlаьрг а,
Сан дерг къежа ца лаара, со воцчунна дерг а.

Гамо йаьхка буржал тоьхна собар дац сан дисна,
Хьоьга хьоьжу кlентий лехка, бакъо а ца йисна.
Лаам белла тезет дац и, соьга кхечнарг тахна,
Тоам хилла, хьох бlаьрг тоьхна ца лов цlехьа вахнарг.


Рецензии