45 lуьйрено бlаьрг боьллуш

lуьйрено бlаьрг боьллуш хьо дагахь гlотту,
Хьан амат схьахlуьттуш гатдойту са.
Хьоь болчу безамо сан кийра ботту,
Хlора а минотехь лууш хьо ган.

Дага а вогlий-те, йезар, со хьуна,
Суьйранна хlусамехь садаlа тийча?
Амма, хьо цхьанхьа а йиц ца ло суна,
Бехк буй сан башхачу бlаьргех дlаийча?

Безам хьоь кховдабар мехала хета,
Даггара ларам беш сий а до хьан,
Ницкъ буй-те хьоьгахь, сан дилха дог тедан,
Дахаран ирсе некъ хlоттабеш дlа?

2015ш.


Рецензии