44 Ма атта хийтира
Стом лато кхиале талхийна ахь.
Лела хьо - дитина дилха дог лаза,
Хlун дер-те хьан кхоллам кхечуьнца гахь?
Хlорд санна, сан шуьйра ойланаш тахна,
Мел гатте йерзарца йисина цхьалха.
Де далац даг чуьра - хьоь безам бахнарг,
Сан синтем бохийнарг, мацах цкъа, хьалха.
Хьан башха хазалла бlаьргашкахь йисна,
Малх санна серло луш лаьтташ йу суна,
Хьоь ала безамах дацара дисна,
Хьуо йезча ма атта хийтира хьуна!
2015 шарахьлера…
Свидетельство о публикации №123021004923