43 Воккха стаг дийцахьа
Хlоранна къоналла шеца дlахьош
Бlаьрг тоха кхиале сиха ло къан а,
Чомахьа шен дегl а ца лелалуш.
Воккха стаг дийцахьа заманах лаций.
Хьан б1аьргаш ма бу, цу заманан теш.
Муьлхачу шаро хьан къоналла харций,
Цуьрриг а къинхетам хьоьха ца беш.
Хастам бу вай Далла шу долуш тхуна,
Оьшучохь олу аш хьекъале дош.
Тхайн дерриг ирс оха лур дара шуна,
Йерриге шун гlайгlа тхайна д1ахьош.
2014-чу шарахьлера…
Свидетельство о публикации №123021004900