42 Лелаш делла Дала!

Когаша хьоьшуш латта,
бlаьргаш хьоьжуш атта,
гехь текхадеш хаттар,
жоьпаза сайн хаттар,
хье ойланех буьзна,
дог хьагамах дуьзна,
кху дуьненан арахь
лелаш делла Дала,

меца хаттар lабош
жоьпан дош а далош,
йукъара стаг воцуш,
хьо бен, со бен доцуш,
хьоьгара жоп дезаш
иштта хьежа веза?

Цхьа де лоьруш айса,
иттех шо а дай сан,
хьо а йай сан,
суо а вай сан
вайшиннан де лоьруш,
цхьаллин къахьо муьйлуш,
хаттар дуьтуш кийра
меца болуш, шийла.
хьо а йай сан,
суо а вай сан,
вайшиннан де лоьруш,
кху дуьненан арахь
лелаш делла Дала.


Рецензии