41 Со цкъа декъал хилла ву

Со цкъа декъал хилла ву,
хьо цкъа хьекъалх тилла йу.
Хьайн а, сан а lуьйре ахьа,
суна йити сан са дахьа.

Сайна дитнарг сайца эцна,
сайца диснарг сайха тешна,
хьох а тешна, сайх а тешна,
аса-м, иштта, дуьне хьешна.

Со цкъа декъал хилла хилча,
хьо цкъа хьекъалх а тилла хилча,
хьан а, сайн а lуьйре эцна
гlуо со генна сайн йорт хецна?

lуьйре, суьйре йоцург ду сан,
хьоьца йоцу хан а йу сан.
гlан а ду — хьо герга йалон,
декъалалле вухавалон.

Безамо, хьан, баьхьна хье а,
сох йен ойла денна хьекъаш,
со ца гина хlора де а,
воллу хьоьца нийсса декъа.


Рецензии