16 Суна йоьлху хьо!

Дагна йазйелла гlайгlа эшайан,
Соьга кхевдина, хьайха тешаван,
Суна йоьлху хьо бlаьрхиш легадеш,
Дан гlо доцчу соь безам хьехабеш.

Хlун дан деза ас цу хьан дахарна,
Бlаьргаш белхочу къизчу кхолламна?
Дагчу эгаш, хьан, бlаьргех дуьйлу хиш,
Хlинцам хеназа со а велла тиш.

Хьан ирс доьхуш, ас, куьйгаш лийцина,
Везчу Деле, хьан, бала бийцина.
Хьох къахета дог буйна доьллина,
Собар дендина хийла ваьллина.

Ирсе хуьлда хьо, дахар къегина,
Хьуна лезна дог цlарах деги сан.
Бахьна хилла, сох, ахь сагатдина,
Маьлхан дуьне, ахь, хьайна гатдина.


Рецензии