38 Вуьйжира lазап ца лайна
хинйолчу lожална дуьхьала воьдуш,
бакъ йа харц некъашкахь йукъкара дохко а вуьйлуш,
дог сецош, харцонна гамонца цергаш а хьекхош,
къаьхьаниг, мерзаниг дахаран кедара муьйлуш,
дуьне а ги, дуьненна со а ги —
цкъа воьлхуш, ткъа, йуха воьлуш…
Дуьне а гиначохь, дуьненна гиначохь суо а,
дийцарехь теш хlитта долчохь сайн гlеметтан шо а,
ойлано кхиэл йарца синна шед тоьхначохь сайна,
хиллачу лазамах вуьйжира lазап ца лайна.
2021 шо
Свидетельство о публикации №123021004693