37 Бlаьрсин толам баьлла
ахь къастийна дог а кхетаза ца диси, хьуна.
Чкъуран бос а бевзи бlаьрсин толам баьлла,
йуьхьза дош а левзи, «и ма йу и-м» аьлла.
Нехан тоьлларг хlун ду, шайна и болх галлал,
дуьххьара гучу суьрто, бlаьргаш ирсе баллал?
Дешан ницкъ а тоьи, нах цу ирсах баха,
Хьан сурт кхидlа цу чохь, нахала ца даха.
Сох кхийринарг, маьрша, некъ карийна лела,
сан lуналлах хаьдда, даьлла суна гена.
Тlедано мотт бина, дерриг дийци соьга,
И цахуург, шена, йуьтуш циэце эга.
2021 шо.
Свидетельство о публикации №123021004669