35 Сайн йу моттаделларг!
хьекъал
ду хьо — кхоьллина
Дала,
хазачех
йу, цхьа хазалла суна.
Хьо иэшарна декъал
ву со — виллинарг
Дала
кху дуьненан кийра,
дог сайн делла хьуна.
Сан са санна, сих са хlоттаделларг,
сан а йоцуш, сайн йу моттаделларг,
хьо хилла-кха сица суна йелла,
сан а йоцуш, сан массарел тоьлларг!
Кхечу кертахь,
кхин доьзалан кхерчахь
тийна,
ийна,
йехарг — йолуш дийна,
хууш вац со, хlун кхочур ду вайна,
хьо иэшар-м ас, къайлах сайца лайна.
Ахь ков доьллуш, цу хьан куьйго лецна
кевнан тlам а сан бlаьрг белош хилча,
хьо кех йолуш, хьан когаша хьешна
латта а ас сайн марзоне диллича,
муха хета хир ду аьлла хета хьуна,
Йогlуш-йоьдуш хьо цкъа гича суна?
Свидетельство о публикации №123021004604