34 Гинарг дайна йоза!..

Хеташ — йоцуш йолу шело,
«дагехь — тиша, беркъа гlело»
аьлча, ас айса-сайха йеш йолу ойла,
оцу хьолехь кху дуьнен чохь lойла
хьарам хиларна кхоьруш,
Делан пурбанца тlехlоьттинарг лоьруш,
бехкаш бохуш чехош экам дог,
вогlуш хlетахь халла боккхуш ког,

lийжамашна хийла бlаьра хьежнарг,
дог а доцуш йелакъежа йезнарг
хьалха хlуттуш, хилира со къера,
бlаьрг ца баккхабаллал цунна тlера.

Хьан бlаьргаш чохь — цхьа йозанан тептар,
суна бевзаш боцчу цхьана маттара,
Хьан бlаьргаш чохь гинарг — дайна йоза,
ца хилира со и деша говза.


Рецензии