33 Цхьа наггахь чиркх а гой
Хьо лела некъаш а безаме хеташ,
Со аравийлина мерза наб йайна,
Карзахе дагах, сайн, дера цlе леташ.
Цхьа наггахь чиркх а гой хьан корехь богуш,
Латтара урамехь ойлане ваьлла,
Хьо йезаш лозу дог безамца догуш,
Гур йац-те бохуш, хьо, шайн уьйтlа йаьлла.
Масане ойла, сан, уьдура коьрте?:
«Йижанза хьо хlун деш lа-техьа», бохуш.
Хьуо йисча жимма, сан, ойла ахь йой-те?
Йа терго хуьлий, со, урамехь вогlуш?
Свидетельство о публикации №123021004322