14 Кхоьру-кх со, Нана!

…Хьуна хьайн лозург йицлора — тхан цхьаъ лозуш хилар хьайна хиъча, хьан сирла, дог-цIена, къинхетаме йуьхь кхулура — тхох цхьаъ кхоьлина гича.
  Сайн дахарехь цкъа а, ахь хьайна йеззарг йиина гина вац со — иза тхуна йаийний бен(нагахь оха йуург и хилча) Хьо-м буса набарна а ца йуьжура — тхох хIора а набарна дIатевжиний хьаьжний бен. ХIара деккъа бераллехь хилларг дац-кх ас дуьйцург. АллахI-Дала тхох къинхетам беш, тахана а, кху сохьта а тхоьца латтош йолу тхан Ненан дикалла йу хIара.
  Цуо, Деле тхо доIанехь доьхуш хиларна ду аьлла дог тешна ву со, тхо тахана хIокху хьолехь Дала латтор а.
  Кегий долчу хенахь, Iовдал лелаш, харцахьа лелаш, бендацараллин гурашкахь вехаш дуккха а хенаш йаьхкина. Хан мел йели кхета а кхийти. Аьлча а, заманца Дала кхетий-кх. Кхетор а бу-кх Делан къинхетам.
  Ас сайн цхьана байта йукъахь йаздина ма-хиллара, сан массо гIалаташ ца хууш девлла а ларий, гечдарца къинтIера йалалахь суна! И цхьа дехар ду сан хьоьга. Хууш ву хьуна со, Нана, хьан декхар текхна со цкъа а вериг цахилар а!
  Маржа-йаI, сан хьоме Нана! Сайн йиш хилча, нагахь и дан тарлуш хIума хилча, кху дуьненчохь сайна йаздина долу дахар а, хила доьгlна самукъа а, Дала йелла сайн йисина йолу могашалла а хьуна йуьтур ма йара ас. Тахана, ас хьох деха дийцахь, хьан тхоьца болчу къинхетамах, адамаллех, дог-дикаллех лаьцна шуьйрра дийца со волахь, кхоьру-кх со, Нана, — шен Нана йоцург гIайгIане вожарна, кхоьру со, Нана, — сайн дийцарх бахьана хилла цхьа буо делхарна.


Рецензии