13 Нохчийн мотт!

Уьйрашка мел хаза бека хьо аьхна
Башха ахь хьал-де а хотту.
Хlун до хьо бицбина дуьненахь ваьхна,
Хьал долу, сан Ненан мотт?!

Вац, хьуна, цуьрриг со хьоьха къахеташ,
Йишйоьхна хьуна саготта.
Йемалбеш, дахарехь хьо дош ца хетарш,
Церан ду-кх къа, Нохчийн мотт.

Хилла хьо! Хир а бу халкъалахь бехаш,
Даймехкан хазалла  йуьйцуш.
Нохчийн мотт, хьо болуш хета суо вехаш!
Доьзалца цхьаьна хьо буьйцуш.

Iамабе меттанаш кхечу а къоман,
Уьш хаар ду хьуна дика.
Амма, ахь биц ма бе лекханиг ломал,
Вайн маттахь аз хаза дека.


Рецензии