12 Хlинца-м кхин ду

Хьалха санна, йагlац суна гуьйре,
Сан бералла идац хlинца аьрха.
Хьалхе гlоттуш, де доладеш lуьйрре,
Лоьхуш стиглахь сирла сибат маьлхан.

Хьалха санна, дагlац суна lа а,
Йа бlаьсте а мацахлера тайна.
Хlинца бlаьрзе хили со уьш ган а,
Хlинца дерриг бlаьргашкара дайна.

Хьалха санна, дог а дийлац хелха,
Ши ког lуьйра вийлац урам-новкъа,
Кху дуьненахь хlинца-м атта кхелха,
Хийла марзо мел эшарх а йов-кха.

Хьалха санна, гlайгlа бала боцуш,
Дог а дисац синтем хилла даха.
Вигац хlинца йа Нанас куьг лоцуш,
Хlинца-м кхин ду сан дуьненахь вахар.


Рецензии