11 Ши туьма даьккхина хир ду хьох

Шаро чу хуьйдина бlе шерийн цхьа хьагам эцна хьо йогlу,
Ши туьма даьккхина хир ду хьох — дуьненнал мах болчу цхьаннах,
Урхалла дечунна, тlам  лецна хьуна тlехь вогlуш
Хиина хир а дац ша дохьург хlун ду, йа хьанна…

Хьо саций жlара некъ лаьттачохь тормаз а тоьхна,
Урамехь лаьттинчу бодане цхьа хазна йуьллуш.
Хьо йуха хьайн болар леринчу меттиге хьажийна доьгlна,
Башха сурт дитина дlахаьхки, со кхечу дуьненан букъа тlе вуьллуш.


Рецензии