32 Хьох доьзна и делахь

Витахьа со кхехка.., витахьа эккхахь дог эккха,
Витахьа.., гlурано дог лецна шелвала аьхка,
Лийр велахь.., валийта — цуьрриг къа цахеташ соьха,
Къахьа кад малийта, бахьана хиллехь и хьоьха.

Ловр ду ас, тlекхохка йекъначу белшашна харцо,
Ловр ду ас, эшнаш веш, иэгавар деэшош дарцо.
Дерриге ловр ду ас, ловр йу хьан хамталла сайца,
Дуьненчу сан вар а, зиэрашца ларавар дайца.

Самукъа санна, ша, товш хуьлу хьан оьгlазалла,
Куц-хаза мохь бу и, ас сайца текхабеш халла.
Мохане тулгlеша дог тlекlал доккхуш а кийрахь,
Хьох доьзна и делахь, реза ву цу балех вийла!


Рецензии