НАНА

Геннара яздо ас хIар кехат Нана,
Со волчохь йовхонах ца Iебаш тахна...
Мел воккха хиларах бераллахь санна,
Сагатдо хьуна ас, со вина Нана!

Нана вай ганза мел дукха хан йаьлла,
Цагарна вай вовше са хьийза даьлла.
Хаалахь яц хьуна цкъаъ йохуш зама –
Хьо даго цахьоьстуш, тешалахь Нана!

Накъосташ кхайкхина цаьрца цхьана кхаьтчехь,
Йа балхахь волуш, йа паргIат ваьлчехь
Мел генахь хиларах башхалла йоцуш,
Хьан деган ойлан аз ду суна  кхочуш!

Нана со тешна ву, мел генахь хиларх,
Хьан доIнаш бахьна долш со лелаш хиларн!
Нана кху дуьненчохь хьан гIо ма гойла,
Вай кхоьлланчу Дала хьо Iалаш йойла!

02.09.2015


Рецензии