ДОШ Б. М

ДегIан сацкъар лаьттан чкъурах лиэта,
Чхьаьвриг санна, кхачо кхоьруш и.
ДегIан сацкъар, хIан-хIа, сих ца кхета,
Схьагушдерг бен, дуьне ца го кхин.

ДегIан сацкъар lаба гIерта лаьттах,
Меца буьсуш буза хьаьгна бlаьрг.
ДегIан сацкъар бузор бац вай атта,
Буйна эцарх и мел боккха lайг.

Моьлкъа кулла тIе болучу хенахь
Тохаделла, вай цхьа некъаш до.
Хаац, тIаьхьа дина нанас дена
Йа, дуьнен чу довлуш, гIенаш го.

Атта-м дара, схьагург тоьъна lийча.
Ткъа син балхо вуьтий Iаддаlе?
Тоьар дара, шега далург дича.
Ткъа син гIенаш ца ган, вай х;ун де?

Ломал дехьа кхин цхьа лам а хилча,
ХІордал дехьа хилча кхин цхьа хlорд,
Кхиэлан гIоьмаш синна гIехь ца хилча,
И са мича дахьа воллу хьо!?

Дерриг дуьне кIезга хеттал долчу
Синна хIара хи ма-хIутту хьал
КIезга деца, и са хIиттош холча...
ХIара — човсан бага хьоьжу бал.

Шен да велла йуьйцу вайн истори,
Bol ца вийча, гIурба къера сахьт...
Вай сагIина ийбен дIора-схьора
Вайн кхетамаш, — орам боцу цIахь...

Сан мотт цIера баккха амал хилча,
Арахь иза хаза хилла да;
Вайн нохчийн мотт кху дуьненна хиъча,
Вайн нохчийн мотт — и вайн ворхIе да!..

Со вайн меттан метта-мотт гуш сеца,
Меттан боцург синна даймохк бац.
ДегIан сацкъар дlахьулбан, дIаэца
Тоьа цхьа-ши аьрша лаьттан барз.

Ткъа синошна, синошна хIун де вай,
Кху дуьнненал йолчу — ойланна а!
Мерза ваша, ма lелахь хьуо левай,
Ма хилалахь ойла со леван а.

Дозанаша готта мел хьовзий а,
Пана хила Iема хьуна са.
Нохчийн меттан зилкоьртан дозий бен,
Кхин хIун дисна ларо хьан йа сан?

ДегIан сацкъар дIаоьцур бу лаьтто,
Вайн сих дуьсург — цо бо лаьттах мохк.
Вайн сих диса, тIевогIучо гIатто
Кхин хIун ду вайн, бацахь и вайн мотт?

НобелгIеран шерет вай ца къуьйсу,
ЦІахь «пайхамарш» довла гlерташ  дац.
Вай ца дуьйцу, нохчийн матто дуьйцу,
Къасто гIерташ хьан, сан букъах харц.

Пелхьо воккхуш, жухаргаш а гулло.
Жухаргашна йу и майданаш.
Амма майда йаккха пелхьо волахь,
Дерриг дуьсу хIада-вайдана.

Эхартаний, кху дуьненний йуккъехь
Йоза шалхден Іаьржа кехат гуш,
ДІадолийнехь, ахь ма даккха йукъах
И хьайн йоза, хьайн хьакъ дIа ца луш.

Пайхамарша цанисдинарг нисдан,
Хаьа, доций важап хилларг хьан.
Нисдан диснехь, вуссур ву цкъа Iийса,
Іаьрше дахьа лаьттах дисна хьакъ.

Ткъа вай хIун де, да дIавоьхуш кошо,
Дуьне дита, синна йоцуш вас?..
Дошал йоккха тIаьхьало а, дош а
Хьуна хаьий?
Суна хаа-м, дац!

Абдулаев Леча 2002 шo


Рецензии