Iилманна гергахь...

Iилманна гергахь, IиндагIан
маьIна даккхалур ду.
Амма суна ца тоьа
IиндагIехь IиндагI бен цагар.
Суна, и адман делахь,
адман бIаьргаш ган лаьа;
цIийнан делахь, —
цу цIийнан кораш.
Iилманан тоьшаллаш кIезга ду,
IиндагIан цхьа бос бен
хIунда бац бохучух
со кхето.
Тешо-м — хIетте а.
Суна IиндагIехь беснаш ган лаьа,
суна ган лаьа
сийна бIаьргаш долчу йоьIан
сийна бIаьргаш.

Абдулаев Леча 1999 шо


Рецензии