Сан деган...

Cан деган lодара,
Сацкъаран долара
Далахьа lора, са.
Зезаган архь* санна,
Тlайрах* тIам-хьостанан, —
Кховдахьа малхана.

Cан деган паналлехь,
Бурчамехь ойланийн
Хьайн хир ахь дайале
Далахьа ана, са.
КІезга ду — тlома а,
Далахьа тIомара.

Абдулаев Леча 1998 шо
_____________________
Архь — хаза хьожа
Тlайрах — дуткъа lена хи.


Рецензии