И кхин дуьне...
Кхин стаг хуьлу техьа хьо?..
Иза цхьанхьа генна дехьа
Дуьсу, вуьсу сехьахь хьо.
Гатло тIаккха кийра готта,
Дагна хала хорам бо.
Шийла хуьлу вижна мотт а,
Маьлхан бода корехь го.
Вижа лууш воцчу хьуна
ГIан-набаро ишттачу
Дуьне къахьдо, воккхий шунах —
Кху вахарна вицлучу.
Самах цкъа а гина доцург,
Самах цкъа а хуун доцург,
Самах цкъа а карон доцург
Карош долчу вуьгу хьо.
Самавалар, валар санна,
Хьан дуьхьало йоцуш йан,
Велларг дийначарах санна,
ГIенах воккхуш, кхочу тIе.
ТІаьххьарлера дегайовхо,
Тlаьххьарлера тlаьхьало
Санна, ларйеш, гIенан йовхо
Ахь гIайби кIел дlахьулйо.
Абдулаев Леча 1989 шо
Свидетельство о публикации №123021002623