Чуьрк

ДIакъахкорх, дIайолуш йац.
Цунна бен а вац —
ур-аттал чуьркан а
садаккхар ша-шена хьарамдина волу
илланча а,
садаккхарх шен говзалла йина волу
чалтач а.
Чуьрк цIий даккха гIерта.
Чуьркан йан бехказло йу —
чуьрк йуза гIерта.
Кхин бехк
йа чалтачан а бац.
Бехк,
ур-аттал чуьрк а тIехь,
цIий хьарам хиларх кхето гIерттал
декъазчу
илланчин бу.

Абдулаев Леча 1998 шо


Рецензии