Къа мелах къасто...
Марзонийн къаьхьа чам хиъча,
Дезаш хьан тIамарх мел доьлларг
Карадо-кх къинойн мохь хилла.
ХIун ду и — стаг хила гIертар,
Йахь ларйан, йуьхь ларйан лаар?
ДIовш долу синна и хеттарх,
Ун хуьлу синна и хаарх.
Дерриг ду ларвала гIертар —
Iаьржа, кIайн эхьаца литтар...
ХIун лар йу, тlаьхьало хетта,
Ишттачо дуьненахь йита?..
Абдулаев Леча 1993 шо
Свидетельство о публикации №123020903821