7 Мохь бохьуш йогlу хьо

Бlе шарахь текхийна хиллачу мохьах тарбелла,
йоццачу хенаца коьрта-хье lуьйдуш базбелла,
мохь бохьуш йогlу хьо «пlипl» гlаттош ураман новкъа,
сацадеш цlеххьана, сан деган кlоршаме къовкъар.

Текхийна вели со тахханалц мохьан йозалла,
хьекхийна вели со, ченала доккха дозалла,
Вели со тахана хьох болчу хьегамах хьалха,
Ели хьо малх санна схьахlуттуш сан бlаьра хьалха!

Лаьттана хаьий-те, ког боккхуш — хьо йуйла йогlуш?
…Хаьий-те — хьо гича со вуйла коьрта-хье охуш?
Шераша йаздина вайн иэсийн йозанаш доьшуш,
Хаьий-те, со вуйла шена тlехь лаьтташ цхьаъ йоьшуш?!


Рецензии