6 Хьо маьрша лелийла

Дог дуьзна тlех lенаш гlайгlанаш кхобучу
йайначу маршоне балхабеш хьайн миска бала,
ахь хlун там лоьху-те lовжаме дисинчу сан дашехь,
йеанчу гlайгlанах йоццачу ханна, цкъа хьуо хьалха йаллал?

Тахна сан маршонна тlам хеца къиэйелла меттиг,
ахь бала балхорах, хир доцуш хьуна дан гlо а.
Шогачу замано шен цlарца дилха дог детти,
хьо санна гlаддайна, йишйоьхна лелаш ву со а.

Хьо маьрша лелийла — ца йевзаш дахаран харцо,
доккхачу дуьненахь баланаш бевлла цкъа гена.
Ахь соьга балхочу къаьхьачу баланан дарцо
дайъина хlинца сан — дахарна ца ваьлла велар а!..


Рецензии