5 Кхиазхошна уггаре а тоьлла хьехам

Хlинца тlаьхьа тlекхуьуш болу цхьаберш вовшашца а, йа баккхийчаьрца гlиллакхе, лараме бац боху вай. Бакъ ду и, халахеташ делахь а.

   Дуккха а хаало карарчу хенахь иштта болу кегийнах. Иза хlун ду аьлла, хаттар хlоттийча, йуха а баккхийчарна тlехь а хетало цхьаболу бехк. Хlунда аьлча, хlора а хlусамехь шайн lуналлехь тlехlиттина баккхийнарш ма буй церан. Вуьшта аьлча, да-нана, девежарий, йа шайл баккхий вежарий, йижарий цхьаъ воцуш бац дукхахболу кхиазхой. Цу наха, уьш (кхиазхой) ийманехь кхетош-кхиоран болх цаьрца ледара беш хиларна ду иза, йа банне беш а хир бац и цхьаболчара.

   Берашна уггаре а боккха хьехам бу аьлла хета, баккхийчара шаьш гlиллакхе а, бакълуьйш а, шайн мотт, къам, мохк шаьш лоруш а кегийчарна гойтуш хилар.

   Бер, ша жима долуш, мотт а lаьмма, кога а дахана доккха хиладоьлча, шен дегара а, ненера а масал эца долало. Цунна уггаре а хьекъале адамаш шен да-нана хета.
 
   Кхуьуш йерг йоl йелахь — иза, ша шен ненах тарйала лууш хуьлу, иза (нана) цlармат, йа гlиллакх доцуш хилахь йоl а цунах тарйала йолало йоккха мел хуьлу а (дукхахьолахь).

  Иштта хуьлу кхуьуш долчу божаберан хьал а. Да кьонах хилча, цуьнгара къонахийн амалш схьаоьцуш кхуьур ву и, ца хуьлий(къонах), кlантах а хир вац.

   Массо а вац вай вуьйцург. Дукхахьолахь хуьлуш дерг ду и, ас лакхахь ма-аллара.

   Хийла къонах ву кху дуьненчохь, шен да мух-мухха а дlалелла воллушехь, цунах тера а ца хуьлуш дикачу агlор кхиъна. Шен да хилларг бен хир варий и, нахе шена ца алийтаран дуьхьа, Дала цхьа кхетам а белла нийсачу новкъахь латтош.

   Кху тlаьхьарчу хенахь ас лерринчу тидаме эцначух цхьа хlума дуьйцу ас:

   Урамехь хlора суьйранна гуллуш берийн пхьоьха хуьлура. Воккханиг шайна тlехволуш шаьш хевшина lачуьра  гlиллакх лоцуш цунна айъа а ца лора уьш. Цхьаволчо (воккхачо) йуьхьйоккхуш меттиг а хуьлура, гlиллакх  ца lамийна шуна шайн чохь болчара бохуш. И йуьхьйоккхуш эхь-м муххане а ца хетара царна, мелхо а, шайна довдинарг вухавогlуш, и шайна ца го сурт хlиттош, (хlуьттаре лелош) lара-кх.

   Цу тайпана пхьоьха хилча сакъоьруш lаш. Тlехволуш цара шега «хьо вогlуш ву» олуш ца хилча, (могаш-паргlат хаттар-м дуьйцийла дац), церан дегнаш чу эхь муха кхачор дара-те ша аьлла ойла йан йеза. Шеца гlиллакх цалацарна дегабаам а бина, дов дарх хlумма а ца толо.

   Нагахь санна, «вогlу-воьду» ца эли-кх  кегийчара, йухахула уьш новкъахь гича, масала, иштта алий эхь дилла хьажахь церан дегнашка:

   «lаш дуй шу, кегийнах! Шу ма дика бераш ду, шу волела олуш хезнера суна, иза-м аьттехьа а бакъ ца хилла. Хьо «хьенехан» кlант вац? Хlара lийриг «минехан» кlант ма ву. Шу-м хьаха ду къонахий хила дезаш».

   Нагахь санна, шаьш цкъа а хир болуш белахь уьш тlаккха гlиллакхе хила буьйлалур бу аьлла хета. Эхь доцчунна, эхь дала некъ лаха беза. Неlалт а, дов а хьедеш човхийча, церан цабезам кхоллало. Уьш кхитlе а хlуьттаренаш лелон буьйлало. Баккхийчара шайца гайтарца дендан деза церан (кхиазхойн) дегнашкахь гlиллакх.

   Эхь доцуш цхьа жимха ву-кх — хьайгахь эхь гайта цунна, и гайта цхьа некъ а лахий. Йахь йац аьлла хийти-кх хьуна — гайтахь цунна хьайгара йахь а.

   Дlахьоьхучул а, адаман даго дика тlелоцург, ахь шена хьайгара гойтуш дерг ма ду.

   Ма чlогlа лазаме хуьлу-кх, вайн къома йукъахь эхь-бехк, гlиллакх хlун йу ца хууш кхуьуш бераш гича. Делахь а, берриге бехк царна тlе а биллина lарх вайн хlумма а толур дац. Вайх хlора а декхар ву-кх, кегийчарна хьехарш дан а, ваьшкара царна дика масалш гайта а. Хьанна хьалха ду вай и дан декхар? Дера ду, уггаре а хьалха Далла гергахь. Дала вайга жоп доьхур долуш ду-кх массо а хlума. Вайх а тешийна, вайн lуналли кlела ма нисбина уьш Дала!

   Делан къинхетамца, дуккха а кегийнах а бу эхь-бехк, гlиллакх, хьекъал а долуш хьалакхуьуш. «Гlиллакх» — йалсамани чуьра схьадаьлла а ду, ша лелош верг а эцна йуха цу чу а гlур ду олу бусалба динан lилма девзачара.  Биснарш а, ийманехь, исламехь, гlиллакхехь нислур бу Дала мукъ лахь! Дала тlаьхье беркате йойла вайн!


Рецензии