Бохам

Йишйоххал,
мохь ала йа орца ала
дага ца далла;
ламазна тIаьхьа
доIийна куьг уохьа
син, дегIан карах ца даллал,
тоьи-кх хьо, бала,
тоьи-кх хьо, бохам.
Хаадерг — хиъна,
лаадерг — лиъна,
кхин хаа йа лаа меже ца йисна.
Цхьа бIаьрхиш дисна,
цхьа бIаьрхиш — уьш а,
хьежа йа леха ца хуу,
делха йа тийжа ца луу.
Дог — хиллехь — тоххарехь иккхина хир ду,
са хиллехь, и дегIах даьлла.
Со виснехь, и со ца хилла,
ткъа хиллехь, кхин сайца ца хиллал бала...
тоьи-кх хьо, бохам...
тоьи-кх хьо, бала...

Абдулаев Леча  1995 шо


Рецензии