Имаман таж Илли

Дийшаза гIоьвттина,
дааза дуьзна,
Малхбузехь малх кхетча санна,
туп йоьхна.
Хьийза хlар адам ахь
ма бале уьйзи,
Йоккху цlе хьарам,
хIай, дуьненан пхьоьха!

Горгачу стоьл тIехь и
шайн къуйн барт тайна,
Баьччанаш Iа бай
шайн петаршка боьлла.
Тарйелла
цу беран карара тайниг,
КІайн дуьне ловзо
уьш хин бай дIабоьлла.

Сеттачу машенийн
корах бен нехан
Бала ган Iамаза
IуьтIанийн гIера,
ЦIийн чам беш, ца диъча
ца Iеби техьа
Цу хьокъах —
гIийлачийн,
зударийн,
берийн!

Чалбанаш кечйелаш,
имамаш, тахна,
Чинашна кечлолахь,
Инарлийн гIера.
Сан къомах йуха а
Делан дуй баха.
ТангIалкхаш кечйелаш,
Iожаллин пхьераш.

Ворданаш кечйелаш,
баккхалчаш, маса.
TIехбуьйлу совдегарш,
таьлсаш кечделаш.
Ларбина хIун до аш
ГIиллакхан хьаса:
Катоха, цетоха, же,
хьем ма белаш!

Йуха а шерет ди
Дог «дикчу» наха
Сан махках. Докъа тIехь
марчо ма дита.
Катоха, цетоха,
же-йама, даха
ховша шайн,
Дастаза цхьа каш ма дита.

Bepaco гIигIвина,
валийна «хьаша»,
ГIигIварах йал хилла,
воьссина ваьлла.
Iаьхча, цу барзо воь,
ца lахьча,  — дас а...
ХIара де ца доллу
тlаьхьара дала.

Бухахь — тIулг,
тIевогIург — изза тlулг хьеран,
Хьийза хьер,
Алх-улх веш виснарг тхох дийна.
ЦІейалар ша а — цlе,
орца а — цIеран.
Йал хила ца йоллу
кху къематдийнах.

Ламазна дегI нисдал
лекха йац стигал,
Куьг кхочехь хир баьхнарг
бакъ хилла дели.
Сужданна хьаж тоха,
дегI гора диггал
Йесаллин маршо йац,
Йа АллахI-Дела.

Да велла биса-кха,
зударийн, берийн
Букъ ларо гIов боцу
кайоьхна тIом, xьo.
Уьш хьулбан турс хилча,
хьан хьакъ ца леррал,
Хьан йуьхь, букъ ца къесттол
нах дарий тхо-ма.

Да велла йиса хьо,
Гармана аре,
Кху денна ца хилла
хьох дан хIун дора!
Да велла диса шу,
терсмаймал тарраш,
Шуьца ца зийначу
йохьах хIун дора!

Валаран, висаран
йаккха цIе йоцу,
Хьекъалан чот йайна,
майраллин — бустам;
ЦІе lеттор, даш lеттор.
геннара морцуш.
МелIунан баьккхи-кха
кху дийно тlус тlе.

ДIагайта йахь йара,
йовза да хилча,
ДIагайта дог дара,
амалша зийча.
Цхьа гIоле хирг хилча,
гуьйриг тlе билча,
Корта а ма бара —
тIе билла кийчча.

Къуьйсург йа йахь йоцуш,
зуьйриг — йа амал,
Генара кайетта
хьо — тоьлла мостагI,
Ка хьан йу,
тхан тахна эшна гIад-амал:
ЦIет даккха,
цIет даза дисначух — хIост а.

Тхох тахна хьаьрчинарг ду
Делан гIуда.
Кхел а йу хуьлуш йерг
лиънарг цу Далла.
Цунна ца лиъна
йа дика, йа вуо дан
Iаьрша кIел,
лаьтта тIехь
вац цхьа а да а.

Хьуна бан бац хьуна
зударийн латкъам,
Синошна хила а
бац хьуна хорам.
Кху берийн, зударийн
бала мел lаткъарх,
АллахI бен,
цхьа а вац
тхо хIитта гора.

ВорхI ломал дехьа
ша бен воьду аьлла,
Хьо саьрмак балийнарг,
хьох ма ву тхан а.
Тхан а ду
цу Далла гергахь тхайх даьлларг —
Дуьненан гIалат а,
эхартан къа а.

КIайн оба йуьйхинарг
къеда хьакъ хуьлуш,
ТІапа куй тиллинарг
хьакъ хуьлуш — чинна,
Жухаргех элий бен
зама котйуьйлуш,
Тхо тахна оруш ду
тхаьш хIетахь дийнарг.

Тхо теккха девр деца цкъа
Делан гIуда,
Йал йоцуш, къиэн довр дац
кху лаьтто лайнарг.
Нохчийчоь lемар йу,
сакхташ ца хьулдеш,
Шен цlарца вовза
шен къонах а,
лай а.

Цкъачунна базбелла
дуьненан бала,
Къонах верг хьаггал
шех цхьалха стаг хила.
Да велла йиса хьо,
обаргийн зама,
Хьайх хьаггал висначух
сел хьалхе тилла!

Иштта де хин деца
мацах цкъа вигнарг
МостагIийн туьша тIе
сан lаьлбаг-хьаьжа,
Кхин гIоле ца йайна
лаьттахь йа стиглахь,
Кху мехкан малх хьулбен
lаьржа дохк даржо.

Мостачо лар хоьттуш,
чуьра чоь толлуш,
Обарган дукъ текхо
ца воллий имам-м.
Зударийн, берийн букъ
ца лоьру болу,  —
Ваьлча а,
виса хьакъ вацарий и-ма.

Цхьа иштта ойлано
Вигна хин веца
МостагIийн туьша тlе
сан lаьлбаг-хьаьжа,
ТангIалкхан сагIа дан,
шен корта эцна,
Миллатан дукъ дайдан.
Маржа-йаІ, маржа!

Да велла диса-кха,
имаман таж, хьо:
Латтанаш, стигланаш
догучу дийнахь,
МостагIий гIигlбар бен,
Кхин бацахь кхаж хьан,
Да велла
дисна товш
хиллерий хьо-ма.

Абдулаев Леча 2000 шо


Рецензии