Дозанхойн гIап

ХIара дийцар лерина ду, вайнеха (нохчийн – гIалгIайн) 275 – эскархойшна, Герман тIамтIехь хьалхара деношкахь I941ш. «Брестский» – олуш йолу гIап дIа цалуш дIакхелхан болу къонахошн. Иштта кхи дIа болу Даймехка Iалашонна шайн синош дIаделла массо турпалхошн...


ВорхолгIа де ду йокх топ тIе етта,
Даша-молханий кхагар-хьож хIаваэхь лаьтта...
ТIелетта мостагIийн йамарта бIо,
Дозанхойш латтош ю гIароллин бIов!

Аренаш дIалаьцца сийсаш бу бIо,
БIо инзаре хиларах, вай яхь дIацало.
МостагIийн кIиллошна моьттарг бакъ дац,
Вай чохь са мел ду юхдовла йиш йац!

ТIемана кIурлахь вайн тидам бац:
Селхана вайца хилларш уллехь гуш бац…
Лазийнарш дIа текхош бIаьрса ца го,
Чевнаш тIекъуьйлаш цIий саца ца ло…

ЧIагIделаш кевнаш, ма бовлийта чекх!
ТIетоха царн герзаш, ма къоъде даш!
ДIаьндаргаш цистина цер декъий Iоьхка,
ГIоьп баьртехь даьржина тIехьийзаш дохк…

ТIеманна къизаллехь чекх дели де,
МостагI хилдехьа тесна, букъ тIехь йолуш цIе!
Собаре хилалаш, вай тоьлла дац,
Вохийна вух-ваккхарах из эшна вац…

Эскархойн йаьххьаш тIе йиллина чан,
Цер бIаьргаш ду лепаш цIеран ало санна!
ТIемана къизаллехь гIело лайн хилла,
Къонахийн сий хир ду массо а ханна!

Моьттура тахана хIар дуьне доьхна,
Олхазарш дайнера, шайн бенаш боьхна...
Тийналлехь хезаш бу Ясинан мукъам,
Шаьш шайна беш болу цхьа гIийла узам…

Къонахий дIабахна тIаьххьарчу новкъа,
ГIароллехь шайн синош цар кхоийна дац!
Майралла, доьналла вайн гина долу тахна,
Озаллехь тIехьено диц дийра дац!

ДIахIитта низамехь могIарца диснарш,
Тахана вайгахь йу рагI!
Вайх тешнабол махкхошна чIагIо йо вай,
Юх тоха мостагIчун б1о!

Эхарта дIабахнарш бу шуна ирсе,
ХIинца вайгахь ду жоьпаллин дукъ!
Даймехкан кIошташкар гIо – орца кхачахь,
Вай кагбер бу мостагIчуьн  букъ!

КIадбелла турпалхой, набаро хьоьсту,
Шайн догIмаш цар гIиттадо заьIап…
Герзашший, гIирсашший, гехь-марахь текхош,
Каьчлош ю турсахойн*  гIап!

ЦIеххьана тийналла йохайо тIамо,
Бода этIош серлонгахь гIаьттина чан.
ЦIарраша къагийна дозанан аре,
Ма кIеззиг хиллера-кх тийналлин чам!

Юхаъ вайн тIелетта мостагIийн арданг,
Дозанан гIаролехь гIиттабеш кIур.
Луьрачу тIем юккъехь аьгна болу кIентий,
Шун боьхна хиллакха хIар хала мур!

Къизачу къийсамехь дохийна тIайнаш,
БIовнаша йохийна ата елла Iоьхк.
ТIаьххьара эскархо шена чохь са мел ду,
Тасвелла дIацалуш дозанхойн гIап!

Тахана зуламхой ницIкъаца туьйли –
Йаьккхи цара къизаллийц дозанхойн гIап.
Даймехкан гIароллехь кхелхина кIентий,
Тарихьан  таьптарш тIехь дIабевра бац!

ТIекхуьу жима чкъор, аш тидам белаш:
Даймехкан маршонна мах беза бу!
Зулам дохьш мостагIа вайн махка веъча,
Вайн дайша из тIамца вохийна ву!

Даймахкахь турпалхой даимна хилла,
Аганахь нена маттац уьш кхиош бу!
Халкъана хьалхара хIара дуьне дитнарш,
Вайн цкъа а бицлур бац, со тешна ву!!!


 25.08.2021 


1. Турсахо - Даймохк ларбархо.


Рецензии