ЦIераш

Гуьйранна йохучу екхначу буьйсанна
Геннара гуш дара йуьртара чиркхаш,
Седарчий серла дуьйлуш, стигал яра къагош…
Дечигехь хьебелла цIер гонах бохлуш,
Iаш гора воккха стаг, цуьнца жима ши кIант.

Цара хоьттура воккха стаге дуьненах лаьцна:
«Дийцахьа Дада ахь, цIе хIунда йога?
Цу цIеран йовхоно вага хIунда во техьа?
ЦIе ларъян сацийча дIа хIунда йов техьа?»
Цера къамел хьун йуккъехь геннара декара…

Воккхачо дуьйцура цIе йагарх лаьцна:
«Дуьненан цIарашца вайн дахар ду доьзна,
ХIар цIе вайна кхачале эзарра шерашкахь
Вайн дайша а йагийна йовхонан сий деш,
Цу Далла хастам беш, цIераха баккхий беш!

ХIар алон цIе санна адамийн цIе хуьлу –
Шайн цIераш ларъеш берш - цу цIеран дай хуьлу…
Латийна цар цIераш озаллехь еха,
Шаьш дуьне дитича а цера цIарах дийцарш
ТIейогIу тIаьхьенна масалца деха.

Цхьа долу адамаш ду дуьненчохь дехаш,
Шайн йогуш цIе йоцуш неха цIаре хьийзаш,
Хаалаш, шайна бахкахь уьш къахка ма белаш,
Шу цIаре уьш бахкарх цIе гIеллур йац, тешалаш,
Варийлаш,  цIе ларъян уьш векал ма белаш!

Амма цхьан бахьница цIе гIеллахь гур-кх шуна,
Шу цIарах бохлуш берш кхечу цIаре бахна,
Цу цIергар – кхеча цIаре, кхеча цIаре, кхеча цIаре…
Шу санна цIе йолу нахана боьлуш,
Хаалаш, хир бац уьш  цкъаъ нахал тоьлуш!

Неха цIаре ца хьоьжуш шайн цIе ларъелаш,
Шу цIе йух серла йалахь, схьабохур уьш, хьежалаш!
Уьш шайца нисбай цаьрца дов ма делаш!
Цкъа йамарт хиллачух дега доттагI ма велаш,
И тайппа цIе йоцу нах гур бу шун лелаш!

Йуха а кост до шуьга, шу сих ма лолаш,
Уьш гонах хьийзарах дIа тар ма лолаш…
ЦIе йолу доттагIий цаьрца нис ма белаш,
ЦIе ларъеш болчарна накъостал делаш!
Даимнаъ цIе йаго, шайн тIаьхье кечъелаш!


 05.12.2011


Рецензии