Ненан Дог

Дахарехь мел мерза
Бу ненан безам,
Дуьненахь мел хьоме
Ду ненан дог.
Йист йоцу х1орд санна,
Экаме хуьла
Дахарехь ненаха
Яьлла йолу йо1.

Ма хьеста, йижарий,
Безамца хийра нах,
Дохор ду мацца а
Цара шу дог!
Хьестийша, йижарий,
Безамца нана а,
Гуттара лууш а
Шун дала дог.

Нана йу хьомечу
Йо1ана йуххера,
Хьун ирс а доьхуш
Ерг хьан Нана ю.
Ламаз т1аьхь йужи и
Гуттара сужуде
Йоьлхуш ерг Деле а
Хьан Нана ю.
Ше ненан сий дечу
Оьздачу йо1ана
Дикачу наха а
Сий дийр а Ду.

24.09.2022г


Рецензии