Яхь йолу к1енти
Синтем болу пархато, дахарал мерза,
Мила ву ца лууш аьттонах хьаьрча,
Суьйрана чуверза бовхачу кхерча.
Олу вай, дег1астана сил мерза хета,
Цун седа дегнашчохь даимна лепа,
Амма цун сий ларда дуй те вай декхар
Йа дицдин дог1у те дайш дина хьехар.
Мостаг1чух лардина дайх дисна латта
Д1атесна, пархато лаха ду атта,
Генара мохь бетташ,бехкенарш лоьхуш,
Яхь йолчу к1енташна т1е нехаш хьоькуш.
Шен даймохк безашверг цунах ца къаьста,
Халонах,харцонах шен махкахь хьаьрча,
Валарх а ца кхоьруш, лардо дай латта,
Цулла ахь, атта дуй али, цунг хатта.
Вай къома сий долу, яхь йолу к1енти,
Даймаьхка дозалла – силахьа Нохчи,
Шу г1оза дехийла, т1аьхьенаш кхиош,
Дайх дисна латтанаш маршонца дебош.
22.01.23
Свидетельство о публикации №123012207654