К1ант

Хьо хила а хилле, теснера са
Хьо хир вуй хаале, дег1нера ла
Хьо гича моьттура, дуьне сан ду
Ткъа кара эцча, г1енаха ду.

Хьоьга сатуьйсуш, ас текхнера хан
Дуьненах ца кхеташ, марзонан чам
Аллах1ан дикаллех, ца дуьллуш дог
Ас юх-юха воьхура, мел боккхуш ког.

Дуьненан бахамал, веза хьо ву
Ерриге сан ойла, хьоьца ма ю
Г1айг1анаш йайъеш, дарба ма ду
Сийлахьчо дина, хьо совг1ат ду.

Лаьар-кха даима, хьо ирсе хила
Халкъана, махкана беркате хила,
Хьайн дена-нанна, дика к1ант хила
Везачу Аллах1ана, муьт1ахь лай хила.


Рецензии