Дог1анан мукъамаш

Сахиллалц г1айг1ане мукъамаш сан корехь бека,
Моттало т1адамаш сан синан к1оргене эга.
Сан коран ангалех, дог1а, хьо ма дера лета,
Алахьа де доьхна дог иэшо хьо х1унда г1ерта.

Буьйсанан бодано лаамаш эшочу хенахь,
Набаро г1елдина  адамаш 1ехийча г1енах,
Г1ийлачу мукъамца ойланаш х1иттайеш холчу,
Ма карзахдели хьо, ца дуьтуш б1аьрахиш кхачо.

Ницкъ боцуш йисна со дагехь кхин йелха, йа йела.
Х1умма кхин ца дисна дахаро 1ехийна лела.
Дог1а, ахь даздина сан деган т1емаш г1елделла.
Дуьрачу б1аьрхиша сан б1аьрса лаг1дина миелла.

Ма етта шийла 1аь тховса ахь сан  деган кхерча.
Д1аг1охьа, шеконаш  ца йуьтуш сан сих кхин хьерча
Шера некъ хьулбинчу 1аьмнаш чохь ма дийла хелха.
Дог1а, хьан социйлехь сан деган сатийсам беха.

Азман Джабраилова


Рецензии
К1орге дешнаш а, маь1на а карадо.
Алах1 дала, аьтто бойла дахарехь!

Ларамца.

Лан Горский   17.01.2023 18:49     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда хьуна, Лан!
Хьан а бойла Дала аьтту!

Ларамца.

Аза Атагинская   18.01.2023 13:43   Заявить о нарушении