Собаре хила вай...
Кечбина хаза кхаъ,дашна дац ала,
Лайнариг диц а деш,йаларца кхане,
Бекхам бо диканца,делахь а чойне.
Собаре вай хилар терзанахь узуш,
Дахарехь зеделларг г1иллакхца дустуш,
Хастам бу дегнаш чохь Дела хиларна,
И сирла ойла Цо вайна йаларна.
Собаре хила вай,цунах ца духуш,
Аллах1а деллачун жимма сатухуш,
Вай ойла сиха ю,собарца къуьйсуш,
Цундела дегнаш чохь г1айг1а ю ц1изаш.
Собаре хила вай,доха а ца духуш,
Болх Деле д1абелла,жимма ладухуш,
Цу Дала х1ораннер бала схьаэцна,
Вайн дегнаш хьостар ду,ойла д1ахецна.
06.12.2022г.
Свидетельство о публикации №122120602601