60. Кхиорхой

Воспитателям детских садиков

1уьйрре хьала г1ийттош Нанас,
Берийн беша дуьгу денна.
Дукха х1ума 1ема бертахь
Берашна шайн бешан кхерчахь.

Кхиорхой бу наной санна,
К1еда-мерза, къамел аьхна.
Воккха-жима 1амош лара,
Пайде х1умнаш дуьйцу цара.

Цкъа а 1ен йиш йоцуш мукъа,
Церан бан болх хуьлу дукха.
Бераш школе даха кечдо,
Цара берийн кхетам ирбо.

Берийн хийла хаттар г1отту.
Ца хууш дерг цаьрга хотту.
Кхиорхоша жоп ло атта,
1алам довза хуьлу аьтту.

Хьехархой бу дуьххьарлера,
1амош дуьне довза, деза.
Юьхь - сибат ду сирла церан,
Хьекъал, хаарш тоъал девза.

Эхь- бехк муха лардан деза,
Юьхь-куьг дила, оьзда лела
1амочера дош ду мерза,
Дукха беза уьш цундела.

Азман Джабраилова

-----

*Кхиорхой- воспитатели


Рецензии